День чеченского языка
27.04.2023«Сан дозалла– нохчийн мотт»
Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара накъостий!
Лераме накъостий! Вай тахана д1ахьур ду Нохчийн меттан Де
даздарна лерина «Нохчийн мотт –сан дозалла » йолу цхьаьнакхетар.
Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель Нохчийн меттан Де
лоруш, вайн Президента Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу
шеран №207 (ши б1е ворх1алг1а йолу) Указ.
Вайн мотт оьзда, чомехь бийцар хьахаделлачохь ала дог1у Джамалханов Зайндих лаьцна дош. Нохчийн меттан бухбиллархо, поэт фольклорист, профессор, меттан 1илманча, халкъан академик, Нохчийн Республикан сийлахь хьехархо вара Джамалханов Зайнди. Цуьнан матте ладог1аза стаг к1езиг хир ву вайн махкахь. «Нохчийн йозанан устазах» лаьцна ала хьакъдолу дешнаш карийна халкъан поэтана Хатуев 1абдулхьамида
Хатуев 1абдулхьамидан «Нохчийн мотт» ц1е йолу байт юьйцур ю _________
Вайн мотт дуй те
Маьлхан зезаг
Я ахь буьйцуш,
Хетало?
Дуьне, эхарт,
Вевза – везарг
Суна-м дерриг
Диц ма ло!
Вайн мотт дуй те
Дашо хьоза,
Мохехь, малхехь
Ийъалуш,
Хазчу иллийн
Доцуш доза,
Маьлхан нуьрца
Къийсалуш?
Х1ан-х1а, дац и
Зезаг, хьоза,
Бац и аьрха
Маса дин…
Мазал мерза,
Пхьерал говза
И марзбинарг
Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду: «Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза. 1амадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а 1амабай, оцу маттахь яздан а, деша 1амадай…».
Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:
Хьешашка – оьзда,
Доттаг1чуьнга – мерза,
Мостаг1чуьнга – буьрса,
Захалонна – хаза,
Масла1атана – к1еда,
Берашка – эсала.
Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца
шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца
безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан
сий а лардийр дац.
Мотт къоман а, х1ора халкъан а г1иллакх-оьздангаллин бух бу.
Нохчийн маттах, нохчийн махках бераллехь дуьйна дозалла дина ву
Дикаев Мохьмад. Ткъа Кибиев Мусбека: «Г1иллакхан новкъа бер долу
нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь…», – аьлла.
Сценка г1иллакхах
Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар.
Г1иллакх долуш, оьздангалла шеца йолуш стаг хир вац,
нагахь иза шен ненан мотт безаш а, хууш а вацахь. «Моз санна мерза болу», «ламанан шовда санна ц1ена болу» ненан мотт.
«Сайн ненан маттахь» ц1е йолу байт юьйцу___________________________________.
Халкъан поэта Рашидов Шаида аьлла: «Ненан матте болу безам сайн хадахь, суо велла лорур ву ас. Нана, Даймохк, ненан мотт со техкош долу ага ду. Оцу маттахь аьлла суна аганан илли, оцу маттахь кхайкхина ас генарчу Даймахке. Уьш ца хилча суо а вац. Ненан маттах йолу сайн байташ оцу ойланца язйина ю ас. Мотт а боцуш къам хила йиш яц. Сайн нохчийн маттана т1ера д1аболабо сан кхечу меттанашка болу безам. Нана а, Даймохк а ас оцу маттахь хестабо. Царех со хадавахь, дахар а хеда сан. Ден, ненан, йиша вешин санна сий дан деза ненан меттан а, Даймехкан а, оьзда мел йолчу йо1а а, яхь мел йолчу к1анта».
___ шун тидаме юьллур ю Рашидов Шаидан байт «Ненан мотт».
«Ненан мотт» Рашидов Шаид
Доккхачу лаьтта т1ехь
Хазалла лоьхуш,
Сада1ар дицдина
Еттарх а йорт,
Хьегаран хьу елла,
Шена т1евоьхуш,
Хиллера ц1ийх боьлла
Сан ненан мотт.
Зезагийн лесторехь,
Техкарехь диттийн,
Къайленаш соь юьйцуш
Ловзарехь х1орд,
Ладоьг1ча шабаршца
Бешарчу ниттийн,
Соь ницкъ лург хиллера
Сан ненан мотт.
Иллига бирзича
1енадеш б1аьрхи,
Делхадеш, ловзадеш
Кийрара дог.
Кхолабеш, юха а
Къагабеш б1аьргаш,
Серло лург хиллера
Сан ненан мотт.
Диканехь я вуонехь
Дош ала дезча,
К1орггера ян воьлча
Хиллачийн чот,
Эхь, ийман я г1иллакх,
Доьналла эшца,
Хьекъал лург хиллера
Сан ненан мотт.
Вахар а х1ун оьшу
Цунах д1ахаьдча?
Биц бина вехаш верг
Ю яьсса ботт.
И саннарг карор бац
Мел дукха лехарх,
Даймехкан дозалла
Сан ненан мотт.
Ненан мотт. Нанас аганан илли аьлла мотт. Безаш ца хилча, бийца хуур доцу мотт, бийца ца хиъча, хьо юьхьк1айн хир воцу мотт .
Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх – оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу нохчийн меттан, литературин хьехархойн. Уьш бу: Хадижат Сайд-Магомедовна,Зина Ахмедовна, Залина Хусейновна а.
Царна даггара баркалла ала лаьа тхуна.
______ Цо «Яхалахь, Нохчийчоь» ц1е йолу эшар д1алокхур ю.
Нохчийн поэзин къаночо, халкъан поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Вай нохчий ду. Веза воккхачу Дала кхоьллина вай - нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а. Ненан мотт – х1ун ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза». Дукха ду ненан маттах лаьцна дийца а, дийцина а.
Вайн гоьваьллачу поэтана Цуруев Шерипана а лаьа нохчийн маттахь дика дош аьлла лар йита, нохчийн маттахь илли долчу махкахь оцу халкъан цинц хилла ваха. Шен байт иштта йолайо
цо: Со лийр велахь вала лаьа,
Цкъа цхьа дика нохчийн маттахь
Нохчийчоьнах назма аьлла…
Поэта Пашаев Нурдина аьлла: «Ас сайн аьлларг хилча «Ненан мотт» аьлла ц1е мосазза йоккху а цунна хьалха «бисмилла» доккхур дара. Стигланан корашка ца яздахь а, мелла а лакха, массарна гучче д1аяздийр дара. Айса и балхош болчаьрга т1ехула балхийна ца 1аш, церан дегнаш чу хьорсур дара цуьнан зевне аз…. Шайхис ма-аллара, церан лергара потт д1айоккхур яра…. Абузаран даггара, аганан иллица берашна и балхор бара…. Мохьмада санна, нохчийн мотт 1алашбечунна, цуьнца йолу парг1ато халкъана д1агойтур яра, Билала ненан мотт ца хууш волчуьнга баьккхина бехк санна, и лоруш воцчунна шех а, шеент1аьхьенах а йог1учу заманца хиндерг б1аьргашна хьалха оьхур дара. Доцца аьлча, шен ненан маттахь цхьа дош дитина а дуьненчохь лар юьтур яра».
Вай х1инца дерзоран дош ло …______________________
Ненан мотт - иза дахаран хазна ю. Нохчийн маттах лаьцна воккхачу 1илманчас, Кавказан этнографа, академика Петр Карловича Услара ша язбинчу 1илманан балха т1ехь кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».
Ненан мотт х1ора къоман культуран бух хиларе терра, иза мелла а к1орггера дика 1амор вайн х1оранна декхар ду.
Хьоме дешархой! Лераме хьеший, хьехархой! Вайн таханлера цхьаьнакхетар ишколан дешархойн тобано «Сан Нохчийчоь» ц1е йолчу иллица дерзо лаьа тхуна.
Кху т1ехь Нохчийн меттан Де даздарна лерина «Ненан мотт – г1иллакх-оьздангаллин хьоста» ц1е йолу цхьаьнакхетар чекхдолу.
Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанне а нохчочунна!
«Ненан мотт». Адамова Тамара(
Безалахь, эшалахь хьайн ненан мотт
Даима бийца и к 1 орда ца беш.
Цуьнца ахь елахь хьайн кхолламан чот,
Цуьнца х1отталахь хьо дикаллин теш.
Хьоме ду, мерза ду шен ненан васт,
Цул деза адам дац дахарехь хьан.
Хаалахь ненан мотт ца хилча хьашт,
Сий ца деш тосу ахь хьайн нана д1а.
Кхолламан хазалла ю ненан мотт,
Нагахь и бийцича ц1енна.
И буьйцуш еанехь хьан лерга потт,
Хьо дакъазволуш ву-кх денна...
Цуруев Ш. « Ненан мотт» (
Акха яр санна и ца баьлла бацалахь.
Боьжна бац стиглара, я эцна бац базарахь,
Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара –
Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.
Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт – гуттара а сан оьзда дозалла,
1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш,
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.
Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,
Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхина.
Цу матто, - уггаре гергарчу сан синна –
Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.
А. Айдамиров « Ненан мотт»
Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн- дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.
Цу иллин дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар.
Ненан мотт хьуна т1е тийжаш,
Хьоьца шайн баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.
Бекалахь , ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам,Нийсо,
Вошалла,Ирс, Машар кхайкхош.
Ш. Арсанукаевс:
« Весет»
Хазнашлахь хазна ю
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, д1адолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
Нохчийн мотт и – халкъан
Синхазнийн хьоста –
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций , хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт, хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха, хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Дешархо: (Касумов С.)
Ненан мотт,
Хьо бека бисалахь,
Тахконза дисинчу аганна.
Ненан мотт,
Хьо хезчохь бисалахь
Нана мел езачу беранна.
Нохчийн мотт,
Хьо бийца бисалахь
Ненан мотт мел безачунна:
нохчийн мотт,
Хьо баха бисалахь,
Нохчийн къам мел деха цуьнца.
МУ «ОДО Урус-Мартановского муниципального района»
Муниципальное бюджетное дошкольное образовательное учреждение
«ДЕТСКИЙ САД № 4 «СЕДАРЧИЙ» Г. УРУС-МАРТАНУРУС-МАРТАНОВСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА»(МБДОУ «Детский сад № 4 «Седарчий» г. Урус-Мартан»)МУ «Хьалха-Мартанан муниципальни кIоштан ШДО»Муниципальни бюджетни школал хьалхара дешаран учреждени «ХЬАЛХА-МАРТАНАН МУНИЦИПАЛЬНИ КIОШТАН ХЬАЛХА-МАРТА ГIАЛИН БЕРИЙН БЕШ № 4 «СЕДАРЧИЙ»(МБШХЬДУ «Хьалха-Марта гIалин берийн беш № 4 «Седарчий»)
Отчет о проведении мероприятий, посвещенных ко Дню чеченского языка.
25 апреля стала уже традицией отмечать ежегодно день чеченского языка. Начало празднования было заложено еще 2005 году; указом Президента ЧР Р.А.Кадырова от 23 апреля этот день в 1923 году вышел в свет первый выпуск национальной газеты «Серло» на чеченском языке.
Согласно плану проведения мероприятий, в нашем детском саду прошли мероприятия, посвещенный ко Дню чеченского языка.
Цель проведения мероприятий: активизация творческого потенциала педагогов, развитие творческих способностей детей, повышения познавательного интереса воспитанников к родному языку, воспитания уважения к культуре и традициям своего народа.
Завершили праздничные мероприятия утренника по сценарию «Сан дозалла-нохчийн мотт». Дети с удовольствием исполнили песни «Жижиг галнаш» «Ненан мотт», читали стихи на родном языке и конечно танцевали лезгинку.
Мероприятия прошло ярко, интересно и принесли в жизнь детского сада атмосферу радости.
Воспитатели З.З.Ахмадова
Э.Б-А.Мудаева