Рамадан!

12.04.2023

 

Бисмиллах1иррохьманиррохьим.

Кхиархо:  Делера салам маршалла хилийла шуна,  лераме хьеший, сан белхан накъостий, сан хьоме хаза бераш!

Бераш, тахана вайга баьхкина хьеший бу, церан де дик дай вай!?

Бераш: Де дика хилийла шун! Марша дог1ийла шу!

Кхиархо: Таханлера х1ара вайн цхьанакхетар лерина ду Аллах1 Дала базбина баийтина Рамадан бутт т1екхочуш вай самукъа далар гойтуш.          Альхьамдулиллах1!  Ма боккха къинхетам бина оцу сийлахьчу Дала вайх, таханалерачу хазачу дийнахь т1ебог1уш болчу безачу Ромадан батте могуш маьрша долуш, Ша хьахо а, Шен элча хьахо а йиш йолуш, цхьана туьйхи Дала вай.                                                                                                                                   Тахана шун йиш хир ю, х1окху берашца цхьаьна оха кечбинчу хьехамашка а, нашидашка а, сураташка а, иштта кхин оха бинчу балхе ладог1а а, хьовса а.   Х1инца «Бусалба дин» аьлла йолу байташ йуьйцар ю вай бераш.

 

Дерриге шен халкъах къинхетам беш,

                        Диканех Шен кхио некъ билгал беш,

Делла вайна Аллах1а бусалба дин.

                         Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

Теша бах, вайн Дала цхьаъ хиларх Ша,

Шегара лаха бах, эхартан са

Къобалде боху цо, бусалба дин.

Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

 

Кхочуш де боху цо, шен х1ора фарз,

Цо хаздийр ду боху, эхартан дарж

Дика г1оьнча ву вайна бусалба дин.

Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

 

Ша цхьаъ веш шах1адат де боху цо,

Мухьаммад бакъве бах вай кхоьллинчо,

Т1аккха вай къобалдо бусалба дин.

Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

 

Бусалба хьо хилар-ламаз дар ду,

Мархийн бутт т1е беъча и кхабар ду,

Беркатийн хазна ю бусалба дин.

Алхьамдулиллах1 -хастам бу вайн Далла!

 

Закат ду вайн динан доьалг1а фарз,

Зе йовш яц вайна Цо еш йолу харж,

Г1иллакхийн хьоста ду бусалба дин,

Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

 

Ницкъ кхачахь лардеш ду пхоьалг1а фарз,

Шарахь цкъа Макка г1уш, кхочуш деш хьаж,

Къинойх вай ц1андеш ду бусалба дин.

Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

 

Лераме вежарий, тхан хьоме йижарий!

Бусалба хиларна хилла вай сий,

Хазделаш, ларделаш бусалба дин.

Алхьамду-хастам бу вайн Далла!

 

        Везачу Дала Мухьаммад пайхамаран (Делера салам маршала хилийла цунна) умматах къинхетам барца, иза кхечу умматах къастош баийтина бу мархийн бутт Ромадан. Элчано (Делера салам маршала хилийла цунна) шен асхьабашка (Дела реза хилийла царна) олуш хилла: «Т1екхечи беркате, Дала марха кхаба омра дина болу, Ромадан бутт. Х1окху баттахь стигланийн не1арш д1айоьллу Дала, жоьжаг1атийн не1арш д1акъовлу, шайт1анашна буржолш туху.

Х1инца вай ладог1а йиш хир ю йоь1арша олучу нашиде.

Нашид: «Рамадан»

Йа Аллах1-3 раза    йа Аллах1-3 раза

Дала шен къинхетамца   Беркат дохьуш нахана

Базбина и бутт хилла  Х1ун ю цуьнан ц1е ала?

Рамадан, Рамадан

 

Халкъашлахь хаьржин волу  Делер салам-маршалла ду

Дош доссийна элчане  Х1ун ю-те цу дешан ц1е?

Ва къуръан, Ва къуръан

Йа Аллах1 3 раза

Къуръан Дала доссийна   Рамадан ез буьйсанна

Дехнарг къобал де буьйса   Х1ун ю цуьнан ц1е ала?

Лайлатуль-Къодар, Лайлатуль-Къодар

 

Мухьаммадан хуьлийла   Делер салам-маршалла

Шен 1амал йа хьер хила   Цу хьеранна ц1е ала?

Аль-хьираъ. Аль-хьираъ

Йа аллах1-3 раза    Йа Аллах1-3 раза

Делан элчан даиман  Делер салам-маршалла

Элчанц къамеле даьлла   Хилла боху малик а

Аль-хьираъе деана    Х1ун ю цуьнан ц1е ала?

Джабраиль, Джабраиль

 

Цу Джабраилехула   Мухьаммаде доссийна

Дуьххьарлера къуръан дош   Муьлха ду хаа деза

И дош хиллера … Еша

Йа Аллах1-3раза    Йа Аллах1-3раза

 

Оццул дала даздина   Доссийна къуръан хилча

Иза-м деша дезаш дай   Хилчи вай цу Делан лай

Я Аллах, хьой везарна   Хьайн къинхетам бе тхоьха.

Йа Аллах1-3 раза   Йа Аллах1-3 раза

 

Мархийн бутт кхабар массо бусулба стагана фарз дина Дала. Марха кхабаро адаман Делаца йолу юкъаметтиг ч1аг1йо. Абу Хурайратера (Дела реза хилийла цунна) деана хьадис, Элчано (Делера салам маршала хилийла цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу Дала боху: «Х1ора стага деш долу 1ибадат шена хин болчу мелана деш ду, ткъа мархийн бутт Сан бу, цунна совг1ат Ас дийр ду».                  Х1инца юха а ладог1а йиш хир ю вай бераша йуьйцуш йолчу «Шах1ру Ромадан» ц1е йолчу байташка.

Маршалла ду хьога, я шах1ру Ромадан!

Мел дийци совдуьйлу дозалла, беркат хьан!

Дала ша Элчанна совг1атна хьо белла,

Хьо кхабар лерам бар тхуна ма делла!

 

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Хьоьца лерам бинариг, ахь лорур волуш,

Хьо ца лийринариг, ахь велхор волуш,

Беркате хили хьо, я шах1ру Ромадан!

 

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Вай Далла ва гергахь тоьшалла хотталахь,

Диканца ахь тхуна тоьшалла делахь,

Беркате хили хьо, я шах1ру Ромадан!

 

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Хьуна чохь гина хало бекхаме хир йолуш,

Къематан цу дийнахь, Дала ял лур йолуш,

Беркате хили хьо, я шах1ру Ромадан!

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Мацаллийна хьо ларбинарг Везачу вай Дала

Шен ялсмане шуьнехьа ша вузор волуш,

Беркате хили хьо, я шах1ру Ромадан!

 

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Хьо герга беачи мунафикъ воьлхаш,

Бусалба волчунна кийрара дог доьлуш,

Кхаъ хуьлий бог1у хьо, я шах1ру Ромадан!

 

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Вайн Делан Элчано ша безаш ларбина,

Шен уммате хьо ларарца, весеташ ша дина,

Кхаъ хилла беар хьо, я шах1ру Ромадан!

 

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

Мел сиха чекхдовлу, хьан к1еззиг денош

Хьо ца безаш волчунна шаралла бахло хьо!

Марша бог1ийла хьо, я шах1ру Ромадан!

 

        Х1инца вайн бераш дуьйцар ду Рамадан бетта дозаллах лаьцна хьадисаш далош.  

 Хьадисш:

1. Аллах1 Дала боху шен сийлахь долчу къуран чохь (Х1ай иман диллина нах, шуна марха кхабар т1е диллан оха, шул хьалха д1а баханчарна т1е дилларха терра, шу хилитархьамма Делах кхоьруш.)2. Юха боху Аллах1 Дала шен силахь долчу къуран чохь (Шух мархи батте ваьллаг милла велахь и марханаш кхабил цо.)3. Делан Элчано боху, Делер салам маршал хил цун "Ялсманен чохь цхьа наь1 ю шен ц1е Раййан йолш, цу чу г1ур ма вац марханаш кхаьббаг бен"4. Делан Элчано боху, Делера салам маршалла хил цун "Х1ора х1уманна шен наь1 ю, 1ибадати наь1 марха кхабар ю"5. Делан Элчано боху, Делера салам маршалла хил цун "Марха долчу стаган шиъ хаза хетар хир ду, цхьа1 - суьйран марха дастар ду, шолаг1ниг - Далла дуьхьал кхетчи хир ду "6. Делан Элчано боху, Делера салам маршалла хил цун "Мархи бутт кхаьбнаг милла велахь иманехь волш ц1енчу даггара, Дала цуна д1а даханчу къиношна геч дир ду "7. Делан Элчано боху, Делера салам маршалла хил цун "Мархи бут т1е беъча, Ялсмани наь1арш д1а йоьл, жоьжг1ати наь1арш д1а къовл, шайт1анш д1а доьхку "8. Делан Элчано элир "Шен са карахь долчу Делах дуй ма буъ ша, марха долчу стега багар хьожа Далла хаза хеташ ма ю 1ат1ар хьожнел а " 9. Аллах1 Дала боху (шен лайнех шен уггар дукх безаш берш, суьйран сихх марха достуш берш бу.10. Делан Элчано боху, Делера салам маршалла хил цун "1уькъе йойла аш, бакъалла оцу 1уькъенехь беркат ду шуна "11. Марха кхобуш волчо, 1уьйранна са тасле дуьйна малх д1а буззалц х1умма яа, мала, вуо лела, девниш даха мегар дац.12. Мархий баттахь мелла 1ибататехь сов вала веза, къуран дешарци, саг1ин х1ум яларци.13. Шен маттан дола деш воцуш кхаьб дола марха, Далла оьшуш дац аьлла Делан Элчано, Делера салам маршал хил цун.

 

       Нашид: «Лаилах1а Иллаллах1»

 

Лаилах1а Иллаллах1, Лаилах1а     иллаллах1

Лаилах1а Иллаллах1, Лаилах1а иллаллах1

Лаилах1а Иллаллах1, Лаилах1а иллаллах1

И Адам Пайхамар кхоллалур ма вацара

Воо Дела, хьо воцчунга Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

Сий долу Мухьаммад Пайхамар

воссуьйтур ма вацара воо Дела,

хьо воцчо, Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

Х1ара дуьне, х1ара 1алам

Кхоллалур ма дацара воо Дела,

хьо воцчунга Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

Ламанаьх шовданаш довлуьтар

ма дацара

Воо Дела, хьо воцчо, Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

И сина х1орданаш доза тоьхна

Совцалур ма дацара воо Дела

хьо воцчунга Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

 

Сий долу и Къуръан

Доссалур ма дацара

Воо Дела, хьо воцчунга Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

Латта т1ахь рицкъанаш довлуьтар

Ма дацара воо Дела,

хьо воцчо, Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

И малх бузу седарчи кхоьтуьтар

Ма дацара воо Дела,

хьо воцчо, Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

Жабраил, Израил, Минкаил маликаш

Ша кхуллур ма дацара воо Дела,

хьо воцчо, Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

Воккха хьаьжи, Киши Хьаьжи, г1овс волу и 1овда воуьтур ма вацара воо Дела

хьо воцчо, Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

Малики и эскар доссалур ма дацара воо Дела, хьо воцчунга Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

 

И нуьре и хаза ялсманаш ша кхоллалур ма яцара

Воо Дела, хьо воцчо Лаилах1а

Илаллах1 Лаилах1а

Иллаллах1 Лаилах1а Иллаллах1

Лаилах1а Иллаллах1, Мухьаммадан расулуллах1.

 

        Х1ара мархийн бутт т1ебарах воккхавеш самукхъа долуш, цуьнан хьурмат дан г1ерташ хила веза массо а бусулба стаг. Ткъа мила ву бусулба стаг? Бусулбастаг-иза болх Аллах1ана кара бела Далла муьт1ахь вверг ву. Вайна хаа дезаш ду, угаре нийса къамел Дала доссийна Къуръан ду, угаре нийса некъ Элчано (Делера салам маршала хилийла цунна) хьехнарг, цо гайтинарг бу. Цунах лаьцна байт йуьйцур ю Хадижас.

       

 «Шари1ат»

Вайн Дела дин, Ислам, хьо ду,

Дела Элчан 1едал хьо ду,

Дези, сийлахь, лекха хьо ду.

Сийлахь дериг шари1ат ду!

Къуръанца хьо х1оттийна ду,

Элчано ша кхайкхина ду,

Нийса некъ бу, дашо малх бу,

Сийлахь дериг шари1ат ду!

 

Иштта кхи д1а вайн ладог1а йиш хир ю байташка «Марша ба хьо, Ромадан».

Пайхамарех вазви Дала

И Мухьаммад пайхамар

Беттанашлахь базби Дала

Х1ара мархи бутт Ромадан.

Геннара дуьйна кхойкхуш бог1у

Ша т1еэца кечло бохуш

Далла герга хилла бохуш

Марша ба хьо, Ромадан!

 

И Дели ц1ена нуьре дин

Тхан фарз суннат кхочуш деш

Уьш лардан тхо шовкъе деш

Марша ба хьо, Ромадан!

 

Тхан 1есаллин ченаш эгош

Тхан 1амал 1ибадат дебош

Саг1и до1ин мел д1акхачош

Базби Дала Ромадан!

 

Мацаллийца тхо зуьйш долуш

Дела тхоьга хьожур волуш

Шен лай шена герга вуьгуш

Базби Дала Ромадан!

 

Къинойн кочурш охьа хоьцуш

Шайт1а кхерош, Иблис делхош

Тхан г1ийла дегнаш майра дохуш

Марша ба хьо, Ромадан!

 

Тхан дегнаш ц1андеш молха ду хьо

Дог1маш дайдеш дарба ду хьо

Ийман дарстош кхача бу хьо

Доккха ни1мат, Ромадан!

 

Г1овтту тхо хьан буьйса денъеш

Марха кхаба 1уьйкъе ларъеш

Г1овтту бераш самукъа долий

Нийат хьеха шайна олий!

 

Муъма вежарий цхьана гуллуш

Таравехь шайн 1амал то еш

Цу 1амалци ял сов йоккхуш

Базби Дала Ромадан!

 

Ялсамане не1 йоьллар ю,

Хьо лийринчо шеко йоцуш

Цуьнан дог1а Делехь долуш

И доккхан дерг Дела волуш.

 

Тхо кхоьллина, Везан Дела,

Хьоьга доьху, сийлахь Эла,

Тхан марханаш къобал делахь

Тхан дуьне-эхарт декъал делахь!

 

Марха кхабар иза адамийн юкъараллехь собар, оьздангалла, г1о-накъосталла, дика мел долу г1иллакхаш кхиор ду. Жоьжаг1атех, 1есаллех ларвалар ду. Марха кхобучо оьзда доцу къамелаш ма де, мохь ма хьекха, во ма лела. Цхьаммо шена вон дош алахь, я дов-т1ом хьедахь, цо олийла собарца: «Боккъалла, марха дукха сан», -аьлла вайн Элчано (Делера салам маршала хилийла цунна).

 

Мархийн бутт т1е беача бусулба йишина-вешина къинт1ера валар деза ду. Хьаг1-гамонаш лело мегар дац. Дуккха диканаш сов даха деза. Къуръан 1амош, доьшуш, салаваташ-къулханаш доьшуш, 1уьйкъе ларъян еза. Массо дикачу х1уманна т1ехь сов дийлар деза дувайна кху мархийн баттахь. Х1инца бераш къуръан чуьра сураташ доьшар ду вайна.

«Фатихьа»

«Ихлас»

«Фалакъ»

«Нас»

 

До1а… Алхьамду лиллах1и роббил 1аламина.

Х1ай везан Дела, тха ламазаш, тха марханаш къобал дехьа, х1ай везан Дела, тхо лардехьа массо баланех, цамгарех, х1ай тхан Дела, тхо силахь дехьа х1о мархи баттаца. Я Аллах1, суна геч дехьа, тхан дайшна, наношна а геч дехьа ишт тхан д1а кхелханчарна а геч дехьа. Оха хьоьга доьхукх хьо тхуна реза хилар, ахь тхуна геч дар, киъинт1ера валар. Я Аллах1, хьай къинхетамца ялсмана дахитахь тхо АМИН.  Фатихьа