День Чеченской женшины

13.09.2023

Нохчийн зударийн де

Илли «Лаьа сунна»

Ведущий: Маршала ду, шуьга хьоме наной, лераме йижарий!

Тха хьоме берш!

Тахана вай гулделла нохчийн зудчуьн деза де билгал даккха.

Нохчийн зуда - нохчийн нана, нохчий йиша, нохчийн йо1.

Уггаре довха дешнаш тахана шуна ала лаьа.

Дехийла шу ирсе хилла!

Дала декъал дойла шу!

Шайнчулла къа хьегна вайн бераша а, тахана вайн кху гуламехь самукъа далийта. Х1инца вай хьовсар ду зудберийн хелхарин совг1ате.

Зудберийн хелхар

Ведущий:  Нохчийн йо1 – турпала Нана! Ахь кхиийна Даймехкан турпала к1ентий. Хьо еха хьайн дега лазам, дега к1орге биллина, б1аьргех 1ена хиш к1айлаха д1адохуш, елар – къажар дайна, дуьнена самукъа доцуш хин долчунна г1айг1а йеш цуьнан сингаттам шеен кийрахь къуьйлуш болх Делега д1акхийдорца.

Стихи:

Г1айг1ане ма 1ехьа г1ийла

1енадеш хьайн б1аьрхиш!

Ахь лайна баланаш хийла.

Йина хьо-м хийла тиш.

 

Схьалохьа хьайгара бала,

Базбелла хьуна и сов

Хьо ирсе яхийта нан,

Хьан метта лийр яра со.

 

Нагахь ас вас йинехь хьайна

Ялалахь къинт1ера хьо.

Хьох хаьдда ма гойла зама,

Хьо йоцург ирс дайна го.

 

Х1инццалца моьттура-

Малхо латтайо т1ехь йовхо,

Дахаран бух хилла, дог1уш

Ненан дог хиллера догуш!

Ведущий: Х1инц вай берш д1а ол каьччин дол иллин совг1ат, шайн ч1ог1 езш йол, хаза, дика йол бабин

Илли: Баба

Ведущий: Дуьненахь туьйра санна йийцина нохчийн зудчун оьздангалла. Цуьнан хьуьнар, доьналла бахьанехь хийлаза мацалех, къизаллин балех ларделира вайн къам. Йо1, зуда, йиша мел къан йелча а цкъа а, д1аера йоцуш цуьнца юьсуш йолу хазна- оьздангалла ю.

И дерриге собар шеца долуш еха, нохчийн зуда.

Доьзална аьхна, йиша вешица мерза, лулахь оьзда.

Х1инца вай ладуг1ар ду эшаран совг1ат.

Совг1атан илли НАНА

Ведущий: Кхерчахь йовхо латтош, доьзалнашна юкъехь марзо латош, массо а х1уманна г1айг1а йолуш, к1еда- марза, аьхна дог эца хууш еха нохчийн зуда.

Ведущий: Нохчийн йо1 иман долуш, духарца – леларца оьзда, эхь – бехке, г1иллакхе, эсала, къинхетаме, комаьрша, собаре, доьналле, экаме,хьекъале, яхье, беркате, дог ц1ена хир ю. Ткъа нохчийн нанс кхиа бо иштта яхь йолу кьонахий а оьзда йо1арий а. Зударийн зезагаш санна бу, царна оьшу шай дог хьаста, ткъа дог хьасьтаре тер х1усамехь самукъане а хуьлу уьш.

Хелхаран совг1ат

Ведущий:Таханлера вайн цхьанакхетар чекх дала герга дахана , маьрша, къегина, ирсе дог1ийла шун дахарехь х1ора де.

Ведущий: Иманехь, беркатехь дала сов дохийла шу.

Отчет о проведенном мероприятии, посвященном Дню чеченской женщины

 

Благодаря Главе ЧР Кадырову Р.А. был утвержден новый праздник для нашей Республики- «День чеченской женщины». Это день уважения к чеченским женщинам за их труд, стойкость и терпения во все времена.

В средней группе «Ромашки» был проведен утренник. Дети показали праздничный концерт для сотрудников. Дети были нарядно одеты, пели песни, танцевали, читали стихи. Праздник завершили национальной лезгинкой.

 

 

Воспитатели          Атиева Р.А.  Аслаханова Л.С-А.